Литературный-вечер, посвященный чеченскому поэту Кусаеву Адизу Джабраиловичу.

23 января в 11ч:00 в МБУ «РЦКС» ДК с. Терское Грозненского муниципального района состоялся литературный-вечер, посвященный чеченскому поэту Кусаеву Адизу Джабраиловичу. Тахана вай кху чохь гулделла нохчийн г1араваьлла волу поэт Кусаев 1адиз Джабраилович винчу денна лерина йолу суьйре д1ахьош. Тахана дуьненчохь вацахь а, амма шена т1аьхьа дийца диканиг а, нохчийн литературехь мехала лар а йитина цо.  1адиз Кусаев вина 1938 шеран 3 январехь Нохч-Г1алг1ай АССРн Нажи- юьртан к1оштан Шоьна юьртахь (кхелхина 2022 шеран 18 мартехь). Казахстанера ц1а вирзинчул т1аьхьа чекхяьккхира Ростовн пачхьалкхан университетан филологин факультетан журналистикан отделени. 1966 шарахь иза Нохч-Г1алг1айн телевиденин а, радион а Пачхьалкхан комитетан коьрта редактор балха д1аийцира. 1971-1972 шерашкахь иза вара Ленинан некъ газетан культурин а, дахаран а декъан куьйгалхо. 1972 шарахь дуьйна иза говзалла лакхайоккху Еригсоюзан институте, Останкинан а, Шабаловкан а телецентрашкахь болх а бира.

Loading