Беседа «Ловзар».
28.10.2023. в 11-00 час ДК с. Терское беседа «Ловзар». Ловзарна билгалйина уьйт1е. Ялочун марзойх бу замойн хаам кхачаре хьуьйсуш. Диллинчу кевнах чоьхьатуьлу кирхьа дохьуш вог1у уггаре тоьлла дин-бере. Хьалха цунна дуьхьалволу кертахь болчу къонахех воккханиг. Т1аккха-мар-нана, невцан кхиболу верасаш. Къонахчо нохчийн духар а, холхазан куй а ло кирхьа дохьуш веанчу беречунна. Зударех йоккхачо нохчийн ширачу 1едалехь башлакх йоьхку говран коьртах.
Божарех воккханиг: Мичахь бу вайн кегирхой? Захало кхочушхилла. Же, кечам бе ловзарна! Кегирхойн стоьлаш, г1ентан д1ах1итто буьйлало. Нускала билгалгалйинчу сонехь д1ауллу кирхьа. Цу хенахь гучуйолу нускал далош йог1у пайтон. Нускал схьакхачарх хаам беш, цкъа герз долу.
Арахьара аз; Нускал юьртара юьрта дуьгуш хилча и герз шозза долуш хилла: замой шайн юьртах чубуллуш а, нуц вехачу керта бовлуш а. Юрт юкъахь юьтуш, кхозлаг1чу юьртара далош хилча-кхузза: замой х1ора юьрта чубулуш а, нуц волчу керта бог1уш а.
Заведующий ДК с. Терское Хажиев И.И.
![]()
